ОФИЦИАЛЬНЫЙ САЙТ

министерство культуры чеченской республики

Нохчийн республикин культурин министерство

free joomla image slider

IX МЕЖДУНАРОДНЫЙ ФЕСТИВАЛЬ-КОНКУРС СОЛЬНОГО ТАНЦА ИМЕНИ МАХМУДА ЭСАМБАЕВА


ГРАФИК РАБОТЫ

ПОНЕДЕЛЬНИК - ПЯТНИЦА

С 9:00 ДО 18:00

ОТДЕЛ ДЕЛОПРОИЗВОДСТВА И КАДРОВ

ТЕЛ: +7 (8712) 22-62-08

МЕНЮ


Нажмите чтобы открыть


Официальный сайт Министерства культуры Чеченской Республики - Материалы отфильтрованы по дате: июля 2016

Iаьржа духар дуьйхина, ши бIаьрг бен гуш хIума доцуш, къовладелла, зударийн аматехь цхьа адам ду Интернет чохь гойтуш. Сих-сиха Делан Калам а хьахош, нохчийн маттахь къамел до цо. Къамел до, севццачу бIаьргашца, шена дуьхьал лаьттачу «суфлера» тIехь яздинарг дукха декъаза, дукха ледара охьа а доьшуш. Бакъ ма ду и. ЙоI сайна дуьххьара схьагича, цхьамма Iехийна, цхьамма тилийна, цхьамма корта хьовзийна, дакъаздаьккхина Делан мас-малик ду моьттуш, холчу хIоьттира со. Даймахка юхабогIу некъ йоIана боьхкуш, ролик яьккхин чара цо шен мел долу документаш этIо сурт юкъадалийча, гуттар дог а Iаьвжира.

  Сайна Iаьткъинарг я барам боцуш дазделларг довзийтича, чувеанчу накъоста олу:

       – Эрна хьайн са ма даахьа. Ша ца гучун, ши бIаьрг болийла аьлла, дуьне «кога кIел дерзо» араяьлла лелла, Батаева Аза ю хIинца Шема кхаьчнарг а. Цхьа да карор вац, и Iеххол Iилма долуш. ШайтIа хьовха, оцу шайтIан-нана Иблис дохка дуьгур дара цо. ТIаьхьарчу хенахь Москвахь буьйсенан клубашкахь сетташ ю бохура, Дала дIаяккхарг. Кхин хьо и ца евзаш ву?

     – Хьо ваха ву-кх, – къера хуьлу со, – мила, мичара, муьлха Батаева, кхетадехьа? Cуна вайн махкахь, нохчийн сцени тIехь гина стаг ма яц иза? Ткъа язйеш артист ю ма боху иза…

     – Сацо да воцуш, «Азия» аьлла, шена цIе а тиллина, Москох ма-ййу «хIача беш», маьттазъяьлла цхьа боьха хIума яра. Интернет сийсош, тахана а цу чохь  карор ю хьуна, дукха цIармат духар тIехь, цо лоькху эшарш. Хьуна муха ца евзина-м ца хаьа. Хасу­-Юьртахь шен сольни концерташ а елла. «Евровидение – 2008» къовсамна юкъайоьду бохуш, цхьа пал а кегийра цо. ГIалгIайн мехкан халкъан артистка а хилира…

     – Цо оцу «Евровиденехь» хьалхара меттиг яьккхинехь а, суна йовза-м ца евза. Нохчийн Республикан халкъан артистка хиллехь, йовза а там бара, – олий, юкъахдуьтту цуьнца долу дийцарш...

     Накъост дIавахча, лоррий юхахьожу хIинца сайна Батаева Азех ю аьлла, билгалъяьллачу Интернет-ролике.

     Шема а яхана, Къуръан схьа а диллина, цу тIе ца хьаьжча, шен цIахь а, шен юьртахь а, дийнна Нохчийн Махкахь а шена хиъна а, хуийла а дацара ала гIерта иза а, и йоза цунна кечдинарш а, Азас хьалха лелийнарг иблисан некъ хиллий… 

     Юха кхин мосазза а хьожу. Дикка таллам бича, гуш, кхеташ ду къамел деш ерг, милла елахь а, иза Шема «гIазот даккха» баханчу мехкарийн могIарехь а, цаьрга кхочучу декъазчу хьолехь а цахилар. ХIара йорах реклама ю. Хьал долчу кертахь, таро йолчу хIусамехь, хьаьвзинчу машенахь яьккхина. Реклама ю, цхьа декъаза, цхьа миска, шаьш дуьйцучух Iехабаллал бен, хьекъал доцчу пекъаршна гайта лерина, «ИГИЛан» бIаьхойн суьртийн монтажца тIе а юзуш.

     Беран хенахь дуьйцуш хезна, Далла духхьара а ма хоьтийла, Iасачийн цхьа Iеса анекдот карладаьккхира суна оцу балхо. Мухха а,  цхьа стаг велла, боху. Эхарта кхаьчча, къинош кIезиг хиларна, Делан малийкаша цунна шенна пурба делла, боху, ша воьдучу меттиган харжам бан. Аьтту агIор – ялсамане  яйна мисканна, дукхе дукха исбаьхьа шурин хиш, киселан бердаш, туьйране стоьмаш болуш. Аьрру агIар – жоьжахате. Керта волу чохь, хаза четар а тоьхна, дууш, молуш, эшарш лоькхуш, чучча хелхарш деш, сакъоьруш кегийчу нехан, цIармат дуьйхинчу мехкарийн тоба а йолуш. «ХIара ю-кх сан меттиг, – аьлла, цо рагIу кIел ког боккхушехь, Iаьржачу ницкъаша схьа а эцна, йогу цIе йолчухьа вадийна. – Суна дIогахь болчаьрца лаьа!» – мохь баьлла, боху, цуьнга тIаккха. «И тхан «агитпункт» ю», – жоп луш, ласттийна, цIерга вахийтина, бах, и стаг Iаьржачу ницкъаша.

     Цунна дайна, Делах яьллачу тобано, цхьанхьа дIа а язйина, вайн кегийрхой талхо, царна Шема боьду некъ марзбан кечбина иблисан болх я Азега схьаеллийтина иблисан «агитпункт» ю иза а.

     Дерг, доцург ма-дарра хаа я Интернет чохь оьхьучу хьолан дуьхе кхиа, Батаева Аза йинчу, яьхначу юьртарчу нахах дагаволу. Цуьнан некъан мах хадоле, цкъа хьалха схьаяьллачу цIийнан бух, орам таллар ма ду вайн декхар. Баккъалла йолу цIе ХIазан хилла йоьIан. Дера, кхин оццул гена яьлча а, цунна бехк билла меттиг а ма ца хилла вайн. Кхоэ бацара евзачу наха шен хадош болу мах а…

     Дика ца юьйцу Батаева Аза-ХIазан, цуьнан цIарах дош ала Интернет чу бевллачу иза юххера евзачара а. Москохан буьйсенан  клубашкахь долу шен «хьал» галдала доьлча, цигахь Iен меттиг а, ша лело вуон некъ бахьанехь, цIа ян юьхь а ца хилла, «ИГИЛ» рекламировать ян арабевллачу Делан мостагIех дIакхетта. Сом карадеъчахьана, я цIена а, я боьха а некъаш къесточех яц а боху цара Аза, «Азия»...

     Цунах шеко кхоллаяла меттиг бу аьлла, ца хета вайн а. ХIунда аьлча, нохчийн цIийх схьаяьллачу, нохчийн йоIа лело тамехь некъ бац, наха далхорехь, цо Москва шахьарахь битинарг.

     Иштта аларна, Дала вайна къина ма лорийла, цул башха, сеца а ца елла, шайн йолчара йийна бохура юьртахоша Азин нана а...

     «Къуръан схьа а диллина, суо цу тIехьаьжча, кхетта, айса хьалха лелийнарг иблисан некъ хиларх, – бохуш, ша дуьйцучух вай тешо гIерта Батаева Аза шайн рекламни роликехь, – АллахIан некъ тIеэцалаш аша а…»

     Къуръанора ца кхетта. Ша кхетта хилча, Шема кхойкхуш, нахе муха кхийдор бу, шех бисина иблисан некъ. Мелхо, шайтIанера ша схьаэцначу Iесачу новкъара, иблисо мерзбинчу Делах даьллачу иблисан новкъа хIоьттина-кх иза.

     «Къуръан схьа а диллина, цу тIехьаьжча…», – маца, мича хенахь ларийна хIара Къуръан Iамо а, цунах кхета а. Дуй баа ваьхьар ма вара, цунна делан Калам муьлхачу агIор схьадоьллу а, муьлхачу агIор дIадоьшу а ма ца хаьа аьлла…

     Лараме вежарий, хьомсара йижарий, ма тешалаш иблисо, шоу йина, шайна марздан хьийзочух. Мел воккхачу хьекъалчина а иттаннаш шераш хан оьшу шуна, Къуръан хаа а, довза а, цо хьоьхург нахана кхето а. Гучуьра яьлла масех бутт а балале, ма йоккха Iеламстаг хилла кхунах?!

     Кхин цхьа хIума билгалдаккха а лаьа кхузахь. Нохчийн нахах Шема баханчу божарех а, зударех а цул хьалха цхьа да ваьлла вац шуна, цига дIакхаьчначул тIаьхьа вайна Батаева Азегахь го маршо евзина. Ала дашна, Шемахь хиллачех мел лаххара а иттех адаман дийцарш хезна суна. Шаьш дIа ма кхеччи, шайгара кехаташ а, ахча а дIаийци, бохура, бухарчу динан «вежарша». Оцу минотехь дуьйна «муджаид» йоцург, цIе а яцара шайн, къам а дацара, мохк а бацара. Летта я эккхар дина, вала бен, маршо а яцара. Дера герз а, техника а уггаре ледарниг, уггаре декъазниг я Iаьрбойх диснарг бен, ма ца кхаьчнера шайга. ДуьххьалдIа тIеман лай вора хьох…

     Ткъа вайна ролика чохь го Батаева Аза, миллиардера маре яханчу нанна тIаьхьа кхаьчнарг санна, паргIат ю. Кечбина бIаьргаш, совсийна балдаш лур дац, дукха мах баларх… Дера ю,  юххехь суьрта тIехь гойтучу жуьгтичун (кхуьнан майра ву боху иза) хьашташка хахка хьаьвзина машен а йолуш. Багажник юьззина герзийн тайпанаш а ду схьаоьхьуш… И санна туьйране хIумнаш вайн анекдотехь эхарта вахан чунна, жоьжахатахь яйначу «агитпунктехь» бен хуьлуш дац.

     Азас арабаьккхинчу Делах баьллачу некъал эзарзза гIолехь хир ма дара Даймахках, ненах, халкъах, безамах бохур дац вай, шансон сеттош, йир лекхар а. Цуьнан тахана долчу хотIал меле а.

     Батаева ХIазанах хиллачу Азас я «Азияс» нисдан оьшуш дац вай. Я цуьнан некъах хьоьгуш а дац. Нохчийчохь чул дукха Iеламнах хир бац тахана цхьана а махкахь. Къуръано бохучух кхето хьуьжарш а ю вайн, дин лелош бусулбанаш а. ХIора кIотарахь, юьртахь схьадиллина цхьацца, шишша маьждиг а. ГIалахь-м уьш итт хилла а ца Iа. Хьо чуваххан чохь, деша Къуръан а, хьуна дезза жайна а ду.

     Бакъду, ХIазанна я Москох а, я Шемахь а лело, цо сил дезаш хаьржина Азин, «Азиян» гал некъаш-м дац кхузахь къобалдеш. 

 

Опубликовано в Статьи

КАЛЕНДАРЬ

Июль 2016
Пн Вт Ср Чт Пт Сб Вс
27 28 29 30 1 2 3
4 5 6 7 8 9 10
11 12 13 14 15 16 17
18 19 20 21 22 23 24
25 26 27 28 29 30 31





 



ПОДПИСАТЬСЯ

КАРТА КУЛЬТУРНЫХ СОБЫТИЙ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ

Последние новости
cache/resized/3f0c41953bab200c54b184d52e293333.jpg
В рамках реализации проекта «Местный дом ...
cache/resized/ec0055c98860e3ce0b2f419df5b65bb3.jpg
В ГБУ «Национальная музыкальная ...
cache/resized/8d8e0f8af66c6f682ee76b15bcb6e777.jpg
Завершился последний  день Международной ...
cache/resized/0385a293402e105bc80b421459e1d5ae.jpg
В сельских домах культуры продолжается выездная ...
cache/resized/62c20c9a7531eca20175c95f2764ba6e.jpg
В здании Национальной библиотеки имени ...
joomla background image slideshow